Buch lesen: «ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР»

Schriftart:

ДЕШХЬАЛХЕ


© ШОВХАЛ ХЬУСАЙН, 2020

ISBN 978-5-0051-7590-8

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

Биссмиллах1иррохьманиррохьийм.

Хастам бу Аллах1ана Шен лайшана мел оьшург царна делла волучу. Лайно шега дехча, цунна жоп луш волучу. Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда вайн элчанна Мухьаммадан а (Делера салават-маршал хуьлда цунна), цуьнан гергарчарна а, асхьабашна а, цара лелийнарг лелош, церан некъа т1ехь мел волучу стагана а, зудчунна а.

Вай наха хийлаза хаттар дина соьга: «Делига до1а муха дан деза»? – аьлла. И хаттар сайга дича дог 1овжа дора сан, х1унда аьлча, Делига до1а да цахууш бусулба стага хилча, дог муха 1овжа дийра дац?! Цунах лаьцна а 1илма цуьнгахь ца хилча, стенах лаьцна 1илма хира ду цунгахь?! Цунна уггаре коьрта оьшу х1ума цунна хууш ца хилча?

Цундела, сайна т1ехь декхар гора суна до1а муха деш хилар царна билгалла дар, Дала сайна довзийтинчу 1илманца. Цундела, Делан пурбанца, х1ара жайна язда аьтто хили са.

Кху т1ехь хьуна дойзура ду до1а муха дан деза. Мичахь дича, муьлхачу хена дича, муьлхачу хьелашкахь дича вуолехь ду. До1а д1а муха доло деза, чекх муха даккха деза. Х1ун деха мега, х1ун ца мега. До1ан бехкамаш, цуьнан г1иллакхаш, иштта кхиъ дуккху х1ума.

Дала хьан до1анна жоп лойла, х1ай лераме бусулба стаг. Айха до1а деш, х1ара жайна яздина Делан лай виц ца вар доьху хьоьга.

Дала беркате дойла х1ара жайна хьуна!

Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн

ДО1А ДАР АЛЛАХ1АН ОМРАНА МУЬТ1АХЬ ХИЛАР ДУ

Аллах1ас аьлла къуръан чохь: «Аш Соьга деха, Аса шуна жоп лур ду».

Цундела, айха Делига до1а деш хьо тешна хила веза Дала хьан до1а жоп цалуш дуьтург ца хилар. Дала Ша жоп лура ду аьлла. Амма Дала Шега динчу до1ан жоп далар тайп-тайпана хуьлу. Наггахь ахь дехнарг ло Цо хьуна. Я ахь дехнарг цалуш, ахь динчу до1ан доьхьал хьоьхь цхьа бала юха туху Цо. Я хьан до1ан жоп эхартан д1адуьллу, цигахь хьуна дика дала хьан до1ан доьхьал.

Цундела, хьан до1а дойра дац хьуна цхьанний кепара. Делахьаъ, Дала Шен хьикматаца хьуна х1ун оьшу хьаьжина жоп лура ду хьуна.

ДО1А ДАР АЛЛАХ1АН 1ИБАДАТ
ДАР ДУ

Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: До1а 1ибадат ду.

Шега до1а дарна Дала яьл ло, х1унда аьлча, ахьа Цуьнга доьхучу хена, цхьаъ дехна ца 1аш, кхин цхьа 1ибадатаъ деш хуьлу хьо, иза ахь до1а дар ду. Цундела, хьан до1ан жоп хилахь а, я ца хилахь а, до1а дарн яьл хуьлу хьуна.

ДО1А ДАР УГГАРЕ СИЙЛАХЬ Х1УМА ДУ

Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Лекхачу Аллах1ана до1анел сийлахь цхьа а х1ума дац».

Цундела, до1а деш верг, уггаре сийлахь 1амал еш ву. Далла гергахь ву иза.

ДО1А ДАРО АЛЛАХ1АН ОЬГ1АЗЛО
ЮХА ТУХУ

Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Аллах1ига доьхуш воцучунна, Иза цунна оьг1аз воьду».

Аллах1 Шега до1а ца дечунна оьг1аз х1унда воьду те? Массо халкъ Аллах1ига хьаште ду, Цуьнга доьхуша ду шайн хьаштанаш, амма Цуьнга цхьа а х1ума ца доьхуш верг, ша Аллах1ига хьаште вац бохург ду иза цунна, маттаца хьацаалахь а, шен леларца боху цо иза. Иштта стаг куралла еш ву, цхьа а х1ума Аллах1е ца дехарца. Иштта хила мегар дац. Иштачунна Аллах1 оьг1аз воьду, х1унда аьлча, Ша Шега деха хьакъ волу Шега ца дехарна. Цундела, сих-сиха, х1ора дийнахь Аллах1иг до1анаш деш хила веза хьо, х1ай Аллах1ан лай!

ДО1А ДАРО Г1ОРАСИЗАЛЛА
Д1АЙОККХУ

Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Уггаре г1орасиз верг, до1а ца далуш верг ву».

«Муъмин стега герз до1а ду» – аьлла пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна), ткъа шен герз охьа теснарг хира вац г1ора сиз? Шен уггаре доккха а, ч1ог1а а, дика а герз охьа тесна цо хилча. Цундела, ниц1къ берг, шен Делига кхойкхуш до1а деш верг ву.

ДО1А ДАРО БАЛА ЮХ ТУХУ

До1ано т1ебеъна бала а, хира болу бала а юх туху. Т1ебеъна бала юха тохар хуьлу ишттачу кепар, масала: Хьоьца цхьа бала бу, ткъа ахь Делига до1а дича и бала хьайх д1а айба аьлла, хьан до1анца д1аойбу иза Аллах1ас.

Хира болу бала юха тохар хуьлу ишттачу кепар, масала: Дала хьуна цхьа бала язъбина, хьуна хила безаш болу, ткъа ахьа до1а дахь и бала хьайна ма хилийта аьлла, хьан до1анца Аллах1ас ца хуьлуьйту хьуна и бала.

Х1оккхахь хаттар кхолладара тарло хьан: «Суна мичара хуур ду, Дала сайна х1у бала язъбина, аса иза ма хилийта аьлла Цуьнага дехал?».

Хьуна иза хоийла дац цхьанне кепара, х1унда аьлча, хира дег хууш верг, хир дерг хуьлуьйтуш верг Аллах1 бен воцун дера. Т1къа иза Аллах1ан къайле ю, хьуна хаа йиш йоцуш. Цундела, ахьа хьайна ца безаш болу бала боьхура бу, ткъа Дала хьуна язъйиначу кхелехь и бала язбина белахь, ахь иза махилийта аьлла до1а дарца, Дала хьан до1анца цахуьлийту хьуна иза Шена лаахь.

Der kostenlose Auszug ist beendet.

Altersbeschränkung:
16+
Veröffentlichungsdatum auf Litres:
11 November 2020
Umfang:
20 S. 1 Illustration
ISBN:
9785005175908
Download-Format:
Podcast
Durchschnittsbewertung 0 basierend auf 0 Bewertungen
Text, audioformat verfügbar
Durchschnittsbewertung 5 basierend auf 1 Bewertungen
Podcast
Durchschnittsbewertung 0 basierend auf 0 Bewertungen
Podcast
Durchschnittsbewertung 5 basierend auf 1 Bewertungen
Audio
Durchschnittsbewertung 5 basierend auf 1 Bewertungen
Text
Durchschnittsbewertung 0 basierend auf 0 Bewertungen