Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар

Text
0
Kritiken
Leseprobe
Als gelesen kennzeichnen
Wie Sie das Buch nach dem Kauf lesen
Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар
Schriftart:Kleiner AaGrößer Aa

© Вахит Хаджимурадов, 2023

ISBN 978-5-0059-7272-9

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ЦХЬАЖИММА КАТРЕНАШ

Атта ду нохчийн къам дерриг а деза,

Байташ а кегаеш, хьерчадеш дош.

Амма ма г1орталахь цхьаъ нохчо везан,

Байташ а тоьура яц, тоьура дац дош.

*****

Даш хилла язъелла мархаш,

Сенбелла бистина бутт!

Йиш яц-кха дог дилла малхах,

Хиларах цу стиглахь и г1урт!

*****

Сийлахьчу доьналлин мох,

Д1абала ма хьерча сох!

Къарбина бойна сан букъ,

Ца лайна харцонийн дукъ!

*****

Берзлошна хьалха яьлларг

Гилла-борз хуьлу.

Уьстг1ашна хьалха яьлларг-м

Газа хуьлу.

*****

Сийначу б1аьргаша сенйина шело,

Хьаьрча сох 1ехавеш лепарах шен.

Дависа, ма яй хьо сан б1аьргийн серло,

Ма ч1ог1а ви-кха со сийналло лен.

*****

Дависа, и б1аьргаш ма хаза хьоьжу,

Малх санна лепаш ю цу йоь1ан юьхь

Кхечунга д1ахоьжу, кхинарг а лоьху,

Б1аьрзечу цу б1аьргийн кхоьлина юьхь

*****

Сийначу цу стигла, к1айн марха хилла,

Йаха хьо ластош схьа соьга а т1ам.

Амма сан дац т1емаш, ахьа бехк ма билла,

Сан дахар лаьттахь ду, сан жима 1ам.

*****

Ма хьежа малхе, б1аьрнур талхош,

Ма къийса хазалла цуьнца ахь!

Ткъа х1инца лела бала балхош,

Аптекехь эца куьзганаш!

*****

Ма тийса м1араш цициго санна,

Ас мохь ца аларх, лазво со!

Д1атий сан хьомениг цхьана ханна,

Т1къа т1аккха цергаш ирйо сох!

*****

Ма хьежа к1елд1ашхула соьга,

Ма хьежа б1аьргаш буог1абай!

Ас кхана дер ду собар хьоьга,

Ма хьежа кхана а соьга, х1ай!

*****

Ма сиха кхечи гуьйре вайна,

Сан са ма диси б1аьстена чохь.

Ткъа 1а т1екхаьччи, шело лайна,

Со-м виси гуьйрех хьоьгучохь.

*****

Нохчийн сий нохчийн йо1 деца!

Шовданан т1адам бу и!

Малх санна хаза и еца,

Пет1амат зезаг ду и!

*****

Хиллачу цу т1амт1ехь со висина техьа,

Дуьненахь лелаш дерг са ду те сан?

Со х1унда висина 1ожаллан сехьа,

Къизачу мостаг1ийн къизалла ган?

*****

Ма кхоадайша, нохчийн к1ентий,

Вовшен ала мерза дош!

Халонийн и шело хьерчарх,

Дег1ах эцна са д1ахьош!

*****

Со вац-кха Лондоне садо1а воьдуш

Х1ун до ас Лондонехь, ца хаьа мотт.

Ц1адуьйла цигара нохчий, со хьоьжу,

Ингалсийн мотт буьтуш, Нохчийчоь йотта!

15.12.22 шо.

1АЛАМАН А, 1АДЛАНАН А ЗАБАРШ


1аламан дийцар.

1алам 18 шо кхаьчна жима стаг, колледжехь шеца доьшуш болчу кегийра нахах дуьйцуш вара и шен ден йишина Заремина:

– Тхоьца доьшуш волчу цхьана к1антана дас, нанас зуда ялийна, 18 шо кхаьчча, – бохура цо.

– Муха зуда ялийна? – хоьттура ден йишас. Хьо-м вац зуда яло дагахь?

– Вац дера со-м, аса-м 20 шо кхаьчначу хенахь бен ялор яц! – ден йиша сапарг1ата яьккхира 1аламас.

– Йоь1ан масса шо ду, к1ентан 18 шо хилча? – хаьттира ден йишас.

– 16 шо ду-кх. Бера а ду цера-м…

– Ткъа бера леладой цу шимма?

– Ца леладо дера, – цецвелира 1алам. Бера а, уьш кхоьа а цара леладо-кх.

– Хьан цара?

– Дас, нанас а, массо а гергарчара леладо-кх!


1адлан хьалхара классера дешархо.

1адлан дукха инзаре цецваьлла вара, х1окху школехь болх беш йолчу, ден йишас Заремас дуьххьара школе валийча, шен хьехархочо Амнатас куьйг схьалаьцча а, реза воцуш:

– Схьа ма леца сан куьйг! – бохуш.

Жимма хан яьлча, д1авуьйлира и шен хьехархочух, хеста а йора 1адланас Амнат Мовладовна. Хьалхара классера к1ант х1инца школах а д1авулуш вара, классера берашца ловзуш а хазахетара цунна, цхьа дагахь доцуш х1ума юкъа ца доьллехьара.

– Лоьраш бог1уш бу вайн школе! Мехий деттара долуш бу уьш! – хабар даьржира класса чохь.

1адлан воьхна хьаьвзира, дуьххьара дагадеънарг – «Вада! К1елхьара вала!» – дара.

Классера бераш а дара цхьадерш доьхна хьийзаш, цхьадерш самукъа даьлла, стенна делахь а, вуьш хиллачух ца кхетара.

«Вада!» – ойлано юьхьара лаьцначух тера дара 1адланан кхин д1а кхоллаелла 1алашо.

Марчош санна йолчу к1айн халатех а хьаьрчина лоьраш классана чоьхьа бевлича, 1адлан классехь карош вацара цханна дешархочуна а, хьехархочунна а!

– Бераш, тахана шуна мехий деттара дац оха. Шун б1аьрса а, аша мел дег1даьккхина а дустура ду оха, цхьа а сакхат дуй а хьовсура ду тхо шун дег1аца. Мегар дуй? Дика бераш дуй шу? – хабаре елира уггара лекха йолу лор.

– Ду тхо дика бераш! Аша мехий ца диттичахьана! – самукъаделира берийн.

Ша-ша хьалха вала а г1ерташ, бераша шаьш дустийтара, шайн сирла б1аьрса а гойтура, шаьш цхьа а сакхат доцуш дашон седа санна ц1ена бераш дуйла а гойтура бераша. Шадериг а дика д1адоьдуш дара, цхьана лоьро фамили ца яьккхинехьара:

– Фаргиев 1адлан!

Ткъа Фаргиев 1адлан вацара! Шадолу бераш гонаха хаьвсира, Амнат Мовладовна а хьаьжира гонаха, лоьраш а хьаьвсира, шайна и 1адлан жима волуш дуьйна вевзаш волуш санна. Амма 1адлан вацара, хилла меттиг а бацара!

– Бераш, цхьаннена а гирий 1адлан? – хаьттира хьехархочо.

Берийн вовшен ца девзаш, дуьххьара вовшен гуш долуш санна хьежар гича, кхеташ дара – 1адлан царна юккъехь ца хилар.

Парташна бухахь а вацара 1адлан, ишкапашна т1ехьа а вацара, хьехархо шен истолана т1ехьа а хьжира – цигахьа а вацара к1ант. Береш, хьехархо, лоьраш шайн к1ант лехар шордан буьйлира, амма шуьйрачу уьйчахь а вацара к1ант. Кхин а шордира х1окхара к1ант лахар, амма арахь а, ишколан гонаха дитташна т1ехьа а карош вацара к1ант. Дени бохуш волу 1адланан доттаг1 ца хиллехьара т1епаза вайна ваьллера 1адлан.

– Суна-м хаъа 1адлан стенгахь ву… тхо переменехь лечкъаргах ловзуш д1алечкъачахь хила веза-кх и, – элира Денис, куьйг а лаьцна Амнат Мовладовна д1а а озаеш.

Ишколан т1ехьа, котельни чекхйолучохь, керта йистехь ишколан директора д1аьвшен мотт берашна 1едало схьахоьцуш долу ахча лачкъо дагадеина, белхалой бехке беш ц1ог1не баьлла, хаза сурт хилла хьун санна г1ундалг1еш лестачу схьабалийра х1орш Денис.

– 1адлан, хьо кхузахь вуй? Гучуваьлла хьо, аравала! – кхайкхира Денис.

Б1аьргех хьоькхуш б1аьрхиша башабина буй а болуш, коьртара месаш т1ера дуьйна хечин когашна т1е кхачалца шавериг баь1ех а вуьзина г1ундалг1ешна юкъара аравелира миска 1адлан. Ша обарг санна лаца баьхкинчу берашка, лоьрашка, хьехархошка а хьаьжина, вада дагахь д1аволавелира к1ант. Амнат Мовладовнас куьйг а лаьцна схьаозийча, 1адлан дуьхьала г1оьртира.

Орцаха яьлла йеъначу ден йишас Заремас элира, г1уллакх кхин гена далале:

– 1адлан, ма г1олахь д1а! Хьо стенга воьду?

– Со воьдура-м ву! – дош раз а олуш, тохавелира к1ант.

– 1адлан, мехий детташ дац хьуна! – мохь туьйхира 1адланан орцаха даьхкинчу берех цхьамма.

1адлан, буйнаца б1аьрхиш д1аса а хьоькхуш велакъежира.

Классе чубаьхкира шаберш а. Лоьраш д1абуьйлабелира шайн болх бан. 1адлан д1аса хьожуш вара къайлаха, амма лоьрийн карахь маха хаалуш бацара. Бераш т1екхойкхуш лакхалла юстуш, б1аьрса муха ду хьовсуш бара лоьраш.

Эххара а 1адлан т1екхайкхира лоьро. Дег1ана лакхалла юста буха х1отта везара аннех бинчу бустамна. Т1ера шена у чу дужура долуш санна хьаьжина, шен дег1ана локхалла юстийтара 1адланас. Б1аьрса дика дуй хьовса а вигира 1адлан.

– Цкъа цхьа б1аьрг д1а къовлий, алал х1ара х1ун элп ду? – элпаш т1ехь долу у гойтура лоьро 1адланина. 1адлан, х1инца а дакъадаланза долчу б1аьрхишна юкъахула хьоьжура, цкъа цхьана б1аьрга хьоьжуш, т1аккха вукху б1аьрга хьоьжуш.

– Ца го хьуна? – хоьттура лоьро, жимма даккхийра элпаш а гойтуш.

– Ца го суна! Ва, ца го! Гура а дац, сайна ца лаъахь! – ша тайпа д1адийкхира 1адланас лоьрашна, шеца тахана цара йинчу харцона.


1адлана проект

1адлан кхоъалг1а классехь волуш «окружающий мир» предметан проект кечъян болх беллера. Компьютер а, Интернет а оьшуш болх бара и, ткъа и болх 1адланин ден йишина Заремина дика хуура бара, х1унда аьлча и ИКТ белхана т1ехь директоран г1оьнча яра.

– Тоьта, проект еш г1о оьшура суна, – г1о деха веънера к1ант.

«Тоьта» сиха йоллуш яра балхахь, школехь мел болу болх компьютеран т1ехь бан безаш бара, Дала бекхам бойла и компьютер юкъяккхинчу пхьерана. Йоццачу хенахь массо а хьехархоша 1амон безаш бара шайна болх бан компьютерна т1ехь. Кегийрачу хьехархоша-м институтехь а жимма 1амийнера шайна компьютерна т1ехь и болх, ткъа баккхийрачу хьехархошна 1емаш бацара и болх. Цундела муьлхха а «лекхара» белла болх, хьаьвззий Заремин коча бог1уш бара. «Миска» хьехархоша шайна ца хууш дериг, шаьш 1амо к1езиг къахоьгуш дерг, доцца дийцича, шайна дика хууш дара и ткъа Заремас г1о ца дара бахьана долуш, шайна т1едиллинарг кхочуш ца дало, олий шайна кочара дохура. Вовше барт бича и дан кхи хала а дацара. Куьйгалхо а сиха бертайохура, цхьана белхалочуьнга иттане меттане болх д1ацакхехьалойла ойла ца йора. «Воьдаг лалла» – олуш хилла вайн дайш.

– 1адлан, «тоьтин» х1инца йиш яц, жимма собар де, – аьлла к1ант тергал ца вира Заремас.

К1ант реза вацара, шена т1е кхаьчначу хенахь «тоьтин» хан ца хиларна. К1антана ца гора «тоьтин» гонаха хьийза харцо, амма воккха хилча цунна шена а гура ду х1окху директорша, хьехархоша, кхин эзарнаш белхалоша,

шаьаш ца бан и болх хьанна а коча буллур буй.

– Со д1авоьду! – элира 1адланас.

Х1инца-м жимчу к1ента вахан меттиг бара, и жима хилар бахьана дара и. Амма воккха а хилла балха вахача, массара а санна, лийрйоцу бюрократица къовсам латто безар бу кхуьнан.

– Ца воьду! – шен йиш ца хилар гойтура «тоьтас»

– Со воьдура-м ву! – д1аволавелира к1ант шен х1инца бен долалуш доцучу дахаренга.

 

1адланан зезагаш.

Б1аьстенан малхо можалла елла къаьрзина зезагаш гулдира 1адланас шен ден йижаршана Зулашана а, шен нанна Лайлаъ а. Дикка къахьегнера к1анта зезагийн курс гулъеш, жимчу к1ентан дуьххьара курс. Шина ден йишас баркалла элира к1антана, хаста а вира, дика к1ант ву аьлла.

Цхьа г1алат даьллера 1адланегара, ца хууш. Оцу хенахь балхара школера ц1аеначу кхоалг1ачу ден йишас тидам бира, зезагаш шена 1адланас ца деъна хилар.

– 1адлан, «тоьтина» ма ца деъна ахьа зазагаш, – к1ант хьовзавеш элира Заремас.

К1ант воьхна хьаьвзира. Мох санна кевнах арахьаьдира. Дависарг, б1аьстено дуьххьара бацалахь хьалакъовдийна зезагаш-м 1адланас шадеригш хьалагулдинера. Гуттара къахьегча масех можанигш карадира к1антана. Велавелла, векхна шен ден йишина ведда веъна кховдийра к1анта ши-кхоъ зезаг.

– Лайлаъна, Зулашна-м дуккхо а ма деъна ахьа зезагаш, – к1ант хьовзош, элира Заремас.

1адлан воьхна хьаьвзира цкъа, т1аккха х1иллане вела а къежина, Заремина лерга улло веъира:

– Тоьта, аса царнна еънарг еккъа ц1ена буц ма яра! – к1елхьара велира и.


1адлан инфляци.

– Ахьа «пхиъ» даккхахь, аса туьма лура ду хьуна, – элира ден йишас Заремас 1адланига.

1адлан хьалхара классе дуьххьара араваьлла вара, цунна-м и «пхиъ» даккха дукха атта ду моьттура. – «Тоьта», аса-м х1ора дийнахь доккхура ду туьма! – элира 1адланас.

– Мегар ду, дош ло-кх ахьа суна, лой ахьа? – барт т1еч1аг1бира к1антаца ден йишас.

Школера дешаран денош д1адоладелира, масех де а делира 1адлан, шен ден йиша болх беш йолчу, ИКТ кабинета чу гучу ца волуш. Масех де д1адаьлча веларан байракх юьхьт1ехь а лепаш Заремин кабинета чу веъара 1адлан.

– Ахьа х1ун леладо ахьа? Вон лелаш ма вацара хьо классехь! – хаьттира ден йишас.

– Велакъажар лахдира к1анта. Вац дера со-м вон лелаш, – халахитира к1антана.

Зарема дохко елира ша аьллачунна. Болх хала хиларна, цунна-м дицделлера шен к1антаца хилла барт. Т1е а яхна, маракъевлира цо к1ант.

– Муха ду хьан г1уллакхаш? – хаьттира Заремас.

– Дика ду… – сецира к1ант.

– Х1ун леладо ахьа т1аккха?

– «Тоьта», сайн туьма д1адахьа веъна со! – кхетийра цо ден йиша.

– Ма дика ду и. «пхиъ» даьккхина ахьа? – сиха туьма делира к1антана Заремас.

Цул т1аьхьа а кест-кестта вог1ура 1адлан, шен «пхиъ» даздан. Иштта шо а чекхделира, шолг1а классе а велира 1адлан. Массех бутт чекхбаьлча цхьана дийнахь гучувелира к1ант шен «пхиъ» а дохьуш, ден йишина кхаъ а бохьуш.

– 1адлан, ма дика ду ахьа «пхиъ» даьккхина. Иштта деша ахьа, оьшура ду хьуна дахарехь, – хастийра Заремас к1ант, туьма д1а а кховдош.

К1анта туьма схьа ца ийцира, реза вацар а хаалуш дара цуьнан хьажарехь. Ден йиша цецйоккхуш д1аса а хьаьжира и.

– 1адлан, туьма ца оьшу хьуна? – хаьттира Заремас.

– Тоьта, оцу туьманах х1умма а ма ца йог1у х1инца! – хаийтира к1анта шен дог-ойла.

– Х1унда? – хаьттира ден йишас.

– Инфляци! – кхетийра к1анта.

– Инфляци х1ун ю? – теллира Заремас к1ентан хаарш.

– Тоьта, инфляци х1ун ю, ца хаьа хьуна? Цхьа туьма а эцна буфете ваг1ача, хьалха санна пираьжка ца ло-кх!


1адланан хьалхарчу классехь хьалхара де.

Дуьххьара ишколе вахана ц1а кхечира жима к1ант 1адлан.

– Нана! Ва, нана! – уьйт1а кхоччушехь ц1ог1 туьйхира цо.

– Х1ун боху ахь, сан дашониг! – олуш дуьхьала хьаьдира нана, цунна т1еххье баба а, воккха дада а.

– Ахь соьга урок пхиъ хуьлу х1унда ца элира хьалххе!? Суна-м цхьаъ бен ца хуьлу моьттура! – т1ечевхира к1ант массарна а.

– Ой, сан дашониг, ишколан директора иштта нисдина-кх и, – бехказа йелира нана.

– Оцу директорца-м ас кхана къастор ду и. Ткъа ишколе х1оа дийнахь эхан деза х1унда ца элира аша? Со-м цхьана дийнахь вахача волу моьттуш ма вара?! – велха уозош шен т1оьрмиг нанна хьалха кхоьссира 1адланас.


Хьалхара класс.

Дуьххьара школе а, хьалхара классе вахана ц1авог1уш вара 1адлан.

– Вай, со йала хьан! Хьо ма хьалхехьа ц1а вог1у! Урокаш чеккха-м ца йевлера шу? – дуьхьала елира нана.

– Ца йевллера! – жоп делира к1анта.

– Ткъа хьо ц1а ма вог1у?

– Сайнарш йевлла чекх!

– Муха хьайнарш! Шун классан урокаш йевлла чекх? – ца кхетара нана.

– Ца йевла классанарш а! Сайнарш йевлла чекх!

13.09.22


Автобусна чохь жима йо1.

Арахь тов хьийзош йовха яра. Нохчийн пешана чохь чулла жимма бен шийла йоцучу «Газелан» салона чу елира цхьа зуда х1инцца кога яг1ана хир йолуш жима йоь1ан куьг а лаьцна. Йо1-м воккха стаг санна шен, сирлачу б1аьргашца чохь 1аш болучу нахе а хьаьжина десса лаьттачу г1анта т1еяг1ана д1ах1оьттира. Г1антана т1ехаа хьалаялан х1инца а жима яра и. Т1ехьайог1учу нанас, ша хьалха охьа а хууш, шен кера хаийра керахь хаза буьрка а йолуш йолу йо1 а. Хьацаран т1адамаш дара йоь1ан хьаьжт1ехь тоьхна, зезагана 1уьйренца т1едиллина долу тхи санна. Нанас-м киснара жима йовлакх схьадаьккхина, цу т1ера берийн суьрташ а гойтуш даржийна йоь1ан хьаьжт1е хьаькхира и. Йо1 цецъяьлча санна шега хьаьжича, нанас элира:

– Хьуна хьацар даьлла, сан йо1. Вайшимма иштта жима йовлакх а хьаькхина д1адоккхур ду иза.

– На-н, соьга ло зим йовлак, – дийхира йо1а нене.

– Хьо х1ун да йоллу цунах? Аса хьокхур ду хьуна, – элира нанас.

– Буьркана хьакха йоллу со. Цунна а даьлла хьацар, – кхетийра йо1а шен нана.


Ши к1ант-дешархо.

Ишколан шуьйрачу, ехачу уьйченаш екош, маьхьарий Хьоькхуш, ловзуш, 1ункар-берташ кхийсалуш, кхоалг1ачу г1ате хьаьвзина хьалабоьдучу ламин аг1онна т1ехула чухехкалуш, каде хьийзара ши дешархо.

– Шу цирке х1унда ца доьлху, кхузахь харцхьа а ца лелаш? – хаьттира эццахь гучуваьллачу хьехархочо-воккхачу стага.

– Ваша, тхоьгахь ахча дац цирке даг1ан! Ахьа лохьа тхуна «шай-кай», тхойшиъ-м хаза а хеташ г1ур вара цирке, – дехарашка велира ши к1ант.

– Аса-м цирке балха х1унда ца воьду шу шиъ, боху, – ши к1ант кхетон г1оьртира хьехархо.

– Ой, цо х1ун дуьйцу? Оха х1ун болх бийра бу циркехь? – ца кхетара ши к1ант.

– Х1ун болх бийра бу бохург и х1ун ду? Маймалийн метта хир ву-кх шу шиъ! – кхетийра хьехархочо аьрха ши к1ант.


Жима к1ант Сайхан.

Цхьа а уллохь воцуш балл диттан буьххье ваьлла 3—4 шо долу жима к1ант Сайхан. Ког а шершина чухецавелла вог1уш, цхьа аьтту а хилла дуткъа гаьннах тасавелла и шина а куьйга къевлина 1ункар чукхозуш хилла, ерриг юкъ 1адош хьоькхуш мохь а болуш.

Мохь хезна, ведда т1евеъначу воккхахволчу вашас Халидас, чукхозуш волу жима воша хьалакхевдина схьалоцуш, аьлла Сайхане:

– Д1ахеца баллан га! Ас схьалаьцна хьо!

– Ма хецийта-а-а! – бохуш воьлхуш хилла Сайхан.

– Х1унда?! – цецваьлла хаьттина Халидас.

– Ас д1ахецахь, дитт охьадужуш ду! – жоп делла дериг дуьне бертал даьлла моьттуш кхеравеллачу жимчу к1анта.


Сайхан а, лулахойн котам а.

Шен дай санна даима а меца цхьа котам яра тхан уьйт1а эхан марзъелла. Пхи шо кхаьчначу вешин к1анте олура аса:

– Д1аэккхае и котам, хьо х1ун деш лаьтта?

Амма котам-м къар ца ялучух тера дара цуьнга. Т1аккха и яхье ваккхан дагахь аса элира:

– Сайхан, и лулахойн котам вайн уьйт1ахь шен ден ц1ахь санна лелар яцар хьуна, хьо стаг велахьара!

– Ваша, сан цуьнан санна ира з1ок ма яц! – бехказа велира хьекъален жима к1ант.


Доьналла долуш волу завхоз Казбек а, дешархо Товсари а.

Урок йара йолалуш, учитал Фатима кечлуш йара шен эшарийн урокана нотийн хьаьркаш д1аязъян.

– Мел стенгахь бу? Сиха г1о мел бан! – дехар дира учаталас.

Товсари бохуш йолу йо1, ша и мох санна сиха араиккхира мел бан. Завхоз волчу Казбекана т1е кхечира йо1. Йедда йеъна, са а кхачийна, ц1ог1 туьйхира Товсарис:

– Мел буй?

– Мел беза хьуна?

– Мел беза суна!

– Собар дехьа! Мел беза хьуна?

– Собар до аса-м! Мел беза!

– И ма дийцахьа! Мел беза хьуна?

– Мел беза!

– Мел беза хьуна! – бохий аса-м, собар кхачалуш дара завхозан.

– Мел беза! – боху аса а, т1ечехан йуьйлира Товсари а.

Х1ара шиъ къийсалуш доллуш, учитал Фатима а схьакхечира орцаха.

– Ванах и мел балан мегаш бац оцу берана?

Х1инца-м Казбекана а, шен доьналла долуш хилла болу дай а дагабаьхкира!

– Ой! Аса бохучуьнга ладуг1уш ма йац йа х1ара йо1 а, йа хьо а, ва Фатима! Мел беза схьаолуш ма дац шу и мел!


*******************************************

МИНИАТЮРАШ Забарен доца дийцарш


Сан доттаг1 Эдин Муса редакцехь.

Сайн доттаг1 Муса болх беш волчу редакци кет1а нисвелча, телпо тоьхнера аса, и балхахь вуй хьажа.

– Х1ун деш лаьтта хьо кет1ахь, утарма а хилла! Чу вола, – бохура доттаг1чо.

– И со а, хьо а эккхарх хира доцург а ца дуьйцуш 1ад 1ехьа, – дийхира аса Мусага.

– Ой! И бохург х1ун ду, цхьа берзалой йац вай! Вайга ца далург и ма доккха х1ума хилан деза! – цецвелира Муса.

– Дера ду и, со санна стомма утарма вайшинна карора йац бохург, – кхетийра аса доттаг1.

24.11.22


Зудчунна х1уш эцар.

Воккха стаг балхара чу моссаза вог1у, дуьхьала йолура зуда, б1аьргаш а къарзабой:

– 90 сом доьхуш долу, х1уш ийцарий ахьа суна? – олуш.

Х1ора дийнахь зудчунна х1уш эца ахча а ца хуьлура, амма воккхачу стага, шена балхахь делкъана х1ума ца йууш а, зудчуна х1уш оьцура, цуьнга б1аьргаш ца къерзабайта.

Тахана-м алапа схьаделла самукъадаьлла вара воккха стаг. Х1уш-м х1ета а эцан дезара тахана, делкъана шена вуззалца х1ума йаъан а аьтто белира воккхачу стеган.

90 сом доьхуш долу х1уш чохь долу къоза пакет а йохьуш чоьхьа велира воккха стаг:

– Хьажал, сан хаза-диканиг, аса хьайна деъна х1уш, тахана алапа схьаделлера суна!

– Ой, и бохург х1ун ду! Алапа схьаделча, х1уш а дохьуш веъна хьо! Наха шоколад ма оьцу шайн зударшна, алапа схьаделча! – б1аьргаш къарзадира зудчо.

04.02.23шо.


1арби – фельдшер-акушер!

Воккха лор волчу ца воьдуш а, 1арби фельдшер бен вацахь а, цомгуш болу нах цунна т1е эха марзбеллера. Моз даочух тера дара цо, йа цомгушчарна хаза дуьйцучух. Делахь а цхьа дарба лелон 1емина хилан а мегара. Масана ду уьш, шайт1ана некъаш.

Цхьана хазчу суьйрана 1арби чу кхайкхинера шен накъоста. Дикка, молуш долчу къаркъано, коьртах тоьхначу хенахь, 1арбийн телпо г1ийла йийкира «ва-а-а!» олуш. Ца ваьлла схьаийцира 1арбес телпо:

– Ладуг1уш ву, схьадийцал, айхьа схьатоьхнехь! – аьлла.

– Х1ун боху цо? Х1усамнана-м йац, орца доккхуш? – хаьттира накъосташа.

– Тамашена нах бу-кх х1орш! Приеме веъча, саг1ена дала киснахь итт туьма а доцуш волу пациент ву-кх телпо йетташ, бале ваьлла! – реза вацара лор 1арби!

15.12.22 шо.


Дала бина къинхетам.

Дала дукха йахайойла и, зоьртала а, боьрша стаг санна дика онда а, йолуш зуда хилла цхьана йуьртахь. Маре ца йуьгуш цхьаммо а, дикка хан йаьлча, цхьа Делан къинхетам хьалха а баьлла, маре йахана хилла и зуда.

– Делахь, хьажахьа, кхоъ к1ант а вина, дика йаха хиъна и зуда, – бохуш дуьйцуш хилла шайна йуккъехь зударшлахь зударша.

– Дера вина-кх кхоъ к1ант-м… йо1-м цунна йан хуур а дацара, – бохуш йоьлура цхьа зуда.

27.12.22 шо.


Кор схьа х1унда диллина!

– И кор схьа а диллина, моза чу х1унда баийтина ахьа! Шайолчу йуучунна т1е хуьйшура ма бу и! – шен майра ву бохучунна чуг1оьртира зуда йу бохург.

– Ой! Сан хаза-диканиг, и кор ахьа ма диллира цхьа минот хьалха! – бехкала вахана элира Воккхачу стага.

– И кор ца дуьйцу аса! Моза чу х1унда баийтина ахьа боху аса! – т1ечевхира зуда.

02.01.23 шо.


Хьан йазъйина роман «Евгений Онегин?

Пенаш хьохуш, кира тухуш, басарш хьоькхуш белхаш деш цхьа зударийн тоба йара. Ца хууш болх бацара оцу зударшна, цундела церан къелла йацара болх карабарца: – «шайний, шайний болх бан даг1ахьара шу!» – бохуш къуьйсуш бара уьш. Амма ишколехь дуьйна дешаран кхиамаш кхин басаршца къегина бацара церан.

Амма оцу зударшна юккъехь, Киса ц1е а йолуш, цхьа зуда йара, ишколехь къаьсттини литератураца гергарло хилла. Шен ишколехь а къаьстина езаш хилла йолчу «Евгений Онегинах» анекдот а хезина, и хьанна дуьйцура ду ца хууш сак1амделла йара и балха йог1уш. Шен накъостий зударш гича, кхин собар а ца тоьина, царна дийцира цо:

– Цхьана ишколехь хьехархочо хаьттина хиллера берашка:

– «Хьан йазъйина роман «Евгений Онегин»?

– Аса-м ца йазъйина и, валлай, ца йазъйина-кх! – хьала иккхира цхьа дешархо.

– Аса а ца йазйина и! – шолг1а дешархо а бехказа йелира.

Кисийн накъостий, хьекъален йоьххьаш а йина, ойлане бевллера. Кийса кхийтира, ша хьашт доцуш долийна хиларх х1ара къамел.

Цхьана х1окхуьнан накъоста зудчо, х1умма а ца олуш ца 1ен, хаьттира:

 

– Т1аккха, карийний хьехархочунна, хьан йазйина хиллера и?

– Дела дуьхьа ца хаьа-кх, цигара д1а суна дага-м ца дог1у! – к1елхьара елира Киса.

26.10.22шо


Ибрах1иман 1абдулхьамидан к1ентан доца дийцар.

Цхьа зуда йара даима а шен кхиъна вог1у к1ант улло а воккхий, цхьаннийн чу йоьдуш, вукхеран чу йоьдуш, цкъа арайаьлча ц1а ерзан ца кхеташ лелаш.

Иштта шен к1антаца арайаьлла буьйса гена йаллалца масеха нахехь а

1ийна, хан йаьлча, шен к1анте элира нанас:

– Х1а! Вало, к1ант, ц1а г1ой вай?

– Стенга ц1а доьлху вай х1инца? – хоьттура к1анта.

13.10.2022


№8 ишколин учиталски чохь.

Шайн, буьйса юккъе яхалца, кечйина паланашна т1ехь, оцу «ийман доцучу» берашна урокаш а елла, уьйча лилхина, оцу берийн ц1озний г1овг1ана юккъехула учиталски чу а лилхина, доккха садаккха дагахь бара учиталаш. Не1 т1екъевлича тоьий, оцу «хьерадевллачу» берийн г1овг1анаш х1окху чохь а хезиш хилчи!

Цхьацца йолчу ишколехь хуьлу-кх, берашан а, ишколехь кхин ца хилчи а, сагатталур доцуш хьехархо.

– Лида Вахитовна, оцу уьйча а йалий, йист хилахьа оцу берашка, цхьа жимма доккха са доккхура дара-кх, кхин цкъа а урокашка аралелхалий, – дийхира цхьамма-м учиталски чохь.

– Лида Вахитовна, йиста-м ца хилича а х1умма а дац хьуна, уьйча ара хьажахьа! – бохура, Лида Вахитовна йевзаш йолучо.

13.10.2022 шо.


Кхин цхьаъ №8 ишколера доца дийцар.

– Оцу газах, светах ахча д1адала к1ордийна-кх суна! – учиталски чоьхьа елира цхьа майрачех йолу хьехархо. Эцца Г1аламкхойн махкахь учиталаша луш а дац-кх и ахча, цу т1е далахь!

Вуьйш болу хьехархой а бацара кхин дог к1едачех, цара а элира шайна хеташ дериг:

– Эцца и мацала бала бохкуш болчу «газовикашка», схьа а балабай, д1ахадайайта! – хьехар дира цхьамма-м.

– Цулле а дика хира ду, хьо, и хьайн г1овг1ане батт а эцна, оцу «Калмыке» д1а йаг1ача, – эцца х1умма а ца олуш ца 1ен, шен ойла йовзийтира кхин цхьамма а.

13.10.2022 шо.


Лоьмар №8 йолучу ишколан дирехторан г1оьнчин кхочуш хилан тарлуш йолу ойла!

– Вайн дирехторас Зураъас аьлларг хаьий шуна? – т1аьхьа а йисина чоьхьа елира цхьа хьехархо.

Х1инцалца ша олуш дериг элирий цо:

– Кхин т1аьхьа а висина цхьа хьехархо ишколехь гучу валахь, ша и балхара, шен лаамца, ц1ахь вуьтура ву! – хаьттира дирехторан г1оьнчас Раисас.

– Делахьа и хьехархо балхара д1а а ца воккхуш, оцу 8«Б» классе цхьа ши урок йалан вахийтахьара оцу вайн дирехторас! – ойланен элира дирехторан кхин цхьана г1оьнчас.

13.10.2022 шо.


Ибрагимов Хьасанан бераллин доттаг1чунах дош.

– Кхин оцу ишколера ц1а вог1уш ма гайталахь, деъаннала лахара «оценка» а яккхий! – омра дира Сосийн Салман олуш волчу тхан лулахочо шен к1антана Ибрах1имна мацаха мелла а хьалха заманачхь.

Оцу дийнахь Ибрах1имас, ишколехь «аьтто» а баьлла, химина а, биологина а ши шиъ даьккхира!

Ша и лом санна ц1ахь буха хиъна 1аш вара Ибрах1иман да Сосин Салман.

– Масса даьккхира ахьа тахана ишколехь, Ибрах1им? – хаьттира дас к1анте.

– Тахана-м, дада, диъ даьккхира аса, – воьхна вацара к1ант.

Иза-м дукха боккха аьшпаш ца хила там бара, шиннена шиъ т1е тоха хууш волучунна.

13.10.2022 шо.


Хала болх.

Иттех шарахь хьаькиман болх, а бина, т1аккха даржан лаха ваьккхина, ишколехь дирехторан г1оьнча болх, а бина, дуьненахь хилан тарлучу бюрократех чекх а ваьлла, «пенсионерийн хьаькимийн болх бан йиш йац», – аьлла балхара мукъа витина вара цхьа воккха стаг. Х1ора дийнахь: цхьа б1е сов, ишколашна болх бан 1амон, т1ейилинчу хьаькимийн конторашкара схьа мел оьхуш долу хьекъален кехаташна жоьпаш луш болх, а бина волу пенсионер ша шена висира уггаре а балхана т1ера кот ваьллачу хенахь. Шаверг а хьаьким хила лууш хиларна, учитал болх бан ца хаьахь а, учиталаш 1амон хууш хиларна, учиталаш ишколехь тоьуш бацара. Цхьа дика, хьаькимийн болх бан йиш йацахь а, пенсионерийн бакъо йара учиталийн болх бан.

Учитал балха вахара пенсионер. Ишколера техничка а т1ехь, шаверг а ладуг1уш вара – пенсионер дохко маца волу. Оцу хенахь цхьа учитал йеъира учиталски чу, пенсионера урок лучу классан уллохь ладоьг1уш а лаьттина:

– Хьовсийша, вайн пенсионерас лелош дериг!

– Х1ун леладо цо? Заявлени яздеш ву, балхара д1авала!

– Вац! Бегаш беш ву-кх дешархошца! Воьлуш!

22.09.22шо.


Ши учитал автобусана т1ехь.

Ши учитал йара, урокех мукъа а йаьккхина, дешархой а дирехторас мукъа а битина, г1ала йоьдуш. Хьаькимаша Интернет чуьра х1окхарна схьайаьхна, кечйина тесташ д1айала йоьдуш йара х1ара шиъ.

Цхьана учиталас сихха схьадаьккхина ахча д1аделира ГАЗель чохь, шолг1ачо шега далийта бохушехь:

– Саг1ийна! Делан доьхьа!

Г1алахь базаран кертара кхин а автобусца д1айахан езаш яра х1ара шиъ. Хьалхара учитал тохаелира къин цкъа а «саг1а даккха».

– Собар дехьа, соьга а далийтахьа и саг1а! Хьуна-м хьо к1елхьара яьлча бе бен д1а а ма ца хета! – бохура шолг1ачу учиталас.

22.09.22шо.


Жоврат.

Г1ала баха арабевллера учиталаш: мартанхой а, валаргхой а. Г1алахь вовшаха а кхитира уьш.

– Эхх1ай! Ма хала даьхкира тхо: оцу автобуса чохь д1а, схьа а детташ! – аьрзнаш дора мартанхоша.

– Деллахьа ца йеъира со-м хала! Эцца новкъахь кхин цхьа, ши зуда а кхетта, 250 рублей а делла такси техь хаза: 1аьржачу машенахь, локхуш музыка а йолуш, хаза к1ант а ма вара т1ехь! – дуьйцура Жоврат ц1е йолчу учиталас.

22.09.22шо.


Пхьор.

Суьйрана пхьор даъа охьахиира воккха стаг. Зуда а йара гонаха хьийзаш: Ша дийнан дохалехь хьаьнца дов даьккхира, масанца толамца чекхдаьккхира, масанца, аьтто а ца баьлла, тешанбехкаца д1адирзира а, дийцира зудчо. Масана дара уьш, майрачо х1ума юучу масех минотехь зуда дийца кхиънарг!

Ша муха олу а ца хууш, зудчо т1аьххьара а хаьттира:

– Мерза йарий юург?

– Цхьана куьйга хьо сеца а еш, йиъина х1ума, суна мичара хаьа, и мерза йарий!

22.09.22шо.


Телвизора бегаш бо.

Телевизора чохь шина, кхаъа т1ег1ане охьахевшина зударий а болуш, д1ахьош дара Зударшна лерина дезаде.

Зударша вовшашка а, телепередача д1акхоьхьуш волчу Ислам Хатуевга а, микрофон а, дош а ца кхочийтуш хаза а, деза а, маза а, заза а хабарш дийцира. Телепередача суьйрана бажа ц1абаллалца лаьттинехьара, кхин а дуьйцург хира дара белхено хабарш. Ислам жимма каде а хилла, телепередача д1аерзочу даьлча массо а зудашна декъа доладира зезагаш, цхьана жимачу стага мор боьттина эсешна буц санна д1адоькъура зезагаш! Хьалха шина т1ег1ана-м хьалакхечира жима стаг, амма лакхарчу т1ег1ана дег1ана шоралла-м тоьура, дохалла ца тоьура.

– Эх1, гора жима стаг я1! Уьш пиряжкаш елхьара-м, хьала кхийсича даьллера и зезагаш! – бохура лакхахь 1ачу зударша.

19.09.2022


Бекханан доттаг1.

Мелла а ахчанах х1ума елла хиллера Бекханас шен доттаг1чуьнга цхьана баттана. Пхи, ялх бутт хан яьллера доттаг1чун и ахча д1а далар ца хуьлуш. Реза воцучу Бекханас и шен зудчуьнга а дийцина хиллера. Зудчунна-м и ахча кхин а ч1ог1а дагах кхеттера.

Лечкъаш лелачу доттаг1чунна новкъахь т1енийсаеллира Бекханан зуда:

– И тхан чуьрниг вара-кх, ша вицвелла 1аш-м вац техьа хьо, – бохуш, къадийра зудчо.

– Дера ца вицвелла! Вицлура а ма вац! Вицвалан йиш а ма йац, ша и Владимир Ильич Ленин санна! – жоп делира доттаг1чо.

16.09.2022


Бекхан ц1е йолу борз!

– Со-м, хьуна ма хаъъара, цхьа борз ма ю. Вай цхьа к1ентий ма ду! Х1умма а ледара а доцуш! – къамеле ваьллера Бекхан, ишколан истолови истолана т1ехь чайна стака молуш тхо 1аш.

Чайна истака мелла ваьлча, шен истака схьа а эцна истоловин пхьег1аш йуьлучу д1аволавелира Бекхан.

– Ой, Бекхан, хьо стенга воьду? – хаьтира Русланбек ц1е йолчу Бекханин коллега волчу жимчу стага.

– И бохург х1ун ду? Сайн истака дилан воьду-кх!

– Хьо борз ю ца бахара ахьа? Истака ахьа муха дуьлу? Зударшка х1унда ца дуьлийту ахьа, церан болх бац и? – цец ваьллера Русланбек.

– Муха дуьлу! Иштта дуьлу-кх, истолови чохь болх беш ерг тхан зуда ма ю, цуьнга дилийта-м ца дезара аса и! – д1атилира борз шен истака дилан.

14.09.2022 шо.


Мелкие хулиганы!

Россен цхьана г1алахь мечикан зударий бара т1ом болчу хенахь нохчийн зудчуьнга дуьйцуш:

– У вас там такие ужасы рассказывают! Что только у вас не творится! Ваших людей укутывают в тряпье! Бандиты кругом!

Нохчийн зудчунна дика хуучух тера дацара оьсийн мотт:

– Не-ет! У нас все хорошо, – жоп делира х1окхо, – это мелкие хулиганы, которые служат в милиции виноваты!

14.09.2022 шо.


Моллина мерза кхор.

Г1уркх а бетташ ишколан луларчу кертана дехьара кхораш дохуш воллура ишкольни учитал-молла. Оцу хенахь кертана дехьа гучувелира кертан да.

– Делахьа ма мерза ду хьан х1ара кхораш! – воьхна хьаьвзира молла.

– Ду, – т1етайра лулахо, – лачкъийна дохуш долу кхораш даима а хуьлу мерза.


Лачкъийна котам.

Иттех шо х1окху ишколехь болх беш, дуьххьара саг1ийна юьртадас котамаш йоькъучу хенахь, котам кхаьчнера Воккхачу стагана-учитална.

– И тхан майрачунна-м ма ца елира оцу юьртадас и котам! – реза яцара истолови чохь болх беш йолу зуда.

– Иттех шарахь болх беш елла х1ара котам а шун майрачуьнаниг хилла-кх! – д1акховдийра учиталас котам.


Молла кхайкхарий!?

– Молла кхайкхарий! Хезарий шуна цхьаннена а! Ламаз дан дезаш вара со! – ша бен ламаз а ца до, аьлла гойтуш, «орца» дохуш, ц1ог1а бохуш чуьра ваьллера цхьа бусалба.

– Ца хезира, – жоп делира цхьана воккхачу стага, эцца уллохула т1ех волуш т1енийсавеллера и.

– Муха ца хезира? Суна-м ма хезира и… х1инцца, – гучудаьккхира шен х1илла бусалбано.

– Суна-м ца хезира, – ца къарлора воккха стаг.

– Муха ца хезира! Ца хазан йиш ма яц! – къовсаме велира бусалба.

– Ца хезира, – шена гонд1аха хьаьжира воккха стаг.

– Вай, со хьера ваьлла ма вац! Х1инцца цхьа минот хьалха молла кхайкха ма кхайкхира!

– Оцу хьан моллас х1ун дира-м ца хаъа суна, амма, эцца чохь 1аш волу тхан ишколан молла-м ца кхайкхира цхьаннега!

Sie haben die kostenlose Leseprobe beendet. Möchten Sie mehr lesen?