Бесплатно

Гуржи

Текст
0
Отзывы
iOSAndroidWindows Phone
Куда отправить ссылку на приложение?
Не закрывайте это окно, пока не введёте код в мобильном устройстве
ПовторитьСсылка отправлена
Отметить прочитанной
Шрифт:Меньше АаБольше Аа

1

1920-гIа шо ду и. Сан цхьайтталгIа шо долуш. ЖIаьла далийра тхуна тхан хьешаша Iаьндоша. Дикачу хIух ду, эли. Ши шо а дузанза кIеза ду, тов. ЦIе – Гуржи йаний.

Онда бIотIа йара «кIеза», бодане-цхьогалан басахь. Йерстинчу говраниг санна бара чо: боца, шера. Когаш беха бара, цергаш йаккхий йара. Берзаниш санна. Ирча хеташ стомма муцIар а йара, амма ши бIаьрг хаза бара. Жимма боккхо а болуш, бодане-боьмаша басахь нисбелла ши бIаьрг бара. Дукха сема, безаме хьажар а долуш. Амма лергаш тедда дара. ГIуллакх доцуш тедда а долуш! ЦIога а дацара. Йоцца цхьа тхьум бен.

Чувахна, йоккха сискалан йуьхк а эцна, тIеваха со «кIезана»: «Гуржи, Гуржи», – аьлла. Беха некъ бина, дукха мацделла хиллера Гуржи.

ЦIенош тIехьа беша а даьккхина, ден нанас дов дешшехь, кхин-кхин а йаахIуманаш а кхоьхьуш, дажий ас Гуржи. Баккхийчарна къайллаха ког-куьг хьокхий, хьаста а хьостуш. Цу дийнахь доттагIий хили тхойша. Бегашна а доцуш. Вовшийн ган са а гатлуш. Вовшийн дагара а хууш.

2

Со чохь хилча, нийсса неIарна дуьхьал (амма генна) охьа а хуий, со араволу тергалвеш хуьлура Гуржи. НеI масазза йоьллу, бIаьргаш неIаре хьовсабора, лергаш а дулуш. Араволуш верг со ца хилча, лергаш духадохура. Чам баран билгало йара и. Корехула къайлаха цу суьрте хьоьжуш хуьлура со.

Суьйрана эвлайуккъе ловза со воьдуш, соьца дан лууш хьаьвзара. Мосазза воьду а. «Мегар дац!» – аьлла, човхийча, цIахь соцура. Делхаран хьесапехь кIеззиг цIовза а цIевзаш. Со цIа вогIу тергалвеш Iара, кетIа а долий.

Де-буьйса, кIира даккха дехьа-сехьа воьдуш меттигаш нислора сан наггахь. ТIаккха дукха холчахIутту, бохура, Гуржи. Саца а, хIотта а меттиг ца карош, хьийза, бохура, кертахула. Сих-сиха цIовзаран белхар а деш. И цIовзар а дара Гуржин башха: угIаран хьесапехь чIогIа а дацара, йуххехь ца хилча, хезар долуш а дацара, амма делхаран хьесап дара. Кийрахь делхар санна хIума дара. Аганарчу беро набарха дечу узарех а тарлуш.

Хьастаделча, ас ша тергал ца дича, доккха халахетар хуьлура Гуржина. Хала а хетий, генна а долий, соьгахьа букъ а тухий, охьахуура, хьуьлла бешахула дIа а хьоьжуш. Дегабаам бара и. Атта дIа а ца болура. Генара кхайкхарх, дош долуш дацара, мел «мерза» кхайкхича а. ТIе а вахна, куьг-муьг а хьокхуш, гуттар лерина хьаьстича, халла дIаболура и дегабаам. Баккъалла а берг.

Бегашена дегабаам беш меттигаш а хуьлура. Дегабаам бина моттуьйтуш. Дехьа а долий, букъ тухий, охьа а хуура. Баккъалла долуш санна. Амма шега кхайкхича, лерг меттахъхьадаза ца Iелора. Ша-шаха санна, охьатаьIара лерг. Цу лерго ша гучудоккхуш лаьттийла хууш, сацо а хьийзадора Гуржис и. Хьалхахьа дIаийзадора. Амма, хьастаран озахь со вистхилча, лерг охьатаьIара. Гуржин бертаза таьIаш санна. ТIаьххьара а, шен «дегабаамах» дош хир доций а хуий, чIогIа ловза а оьккхуш, соьгахьа схьахьодура. Ловзадолура соьца, дистхила гIерташ санна, цхьа «гIам-гIим» а деш. «Вало, ловза гIур ду вайша!» – бохучу хьесапехь эвлан йистехьа дIа а хьодуш.

3

Кест-кестта эвлан йисте долура тхойша. Iаннашка, хьаннашка, бердан басешка. Цул хазахеташ хIума дацара Гуржина.

Iаьндийн лаьмнашкахь дина а, цигахь кхиъна а долчу цунна дукхадезара лаьмнаш, бердаш. Эвхьаза а дара бердашца. Хица чIара санна. КIеззиг гечонан тача долчухула атта дехьа-сехьа долура. Со валалой а хьожура. Ца валалуш йа валалац моттуьйтуш, со сацавелча, суна гIо дан гIоьртара: сехьа долуш, дехьа долуш, хьийзара, муха вала веза гойтуш. Шен «гIам-гIим» а деш. Иштта «халачу» меттигашкахь со шел жима лорура цо. Со тергалвеш хуьлура. Суна орцахдала кийчча.

Другие книги автора