Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Text
0
Kritiken
Leseprobe
Als gelesen kennzeichnen
Wie Sie das Buch nach dem Kauf lesen
Schriftart:Kleiner AaGrößer Aa

Ардахар

Шайн кхерчах а, махках а бевлла нохчий са мел ду тийссалора шайн Iадатах, шайн ламастех, шайн берриге а кхетам а, Iер-дахаран кеп а къаношна тешош, хIунда аьлча кхолладеллачу хьолехь уьш бен бацара къоман иэс ларда ницкъ кхочуш.

ТIаьхьарчу тIаьхьене нохчаша кховдош долу шайн Iадат а, уьш цу Iадатана а, бусулба динна а муьтIахь хилар бахьана долуш, аьтто белира нохчийн шайн къоман башхалла а, кхетам а ларба а.

Амма Советан Iедало шен ницкъ мел кхочург дора нохчийн йукъаралла кхин долчу къаьмнех къаьсташ ца хилийта, цуьнан къоман кхетам орамца дIабаккха. Цу Iалашонца кхуллуш йара идеологически кхетош-кхиоран ишколаш. Цул совнаха КГБ жигара йукъа гIертара бусулба динна, амма нохчийн къоман синхаам лахбаларал совнаха, мелхо а марсабаьллера.

Цара шайн къиссам латтабора Iедалца. Йазйина йоцу истори ларйа хала дара, амма цара иза ларйира, цу тIаьхьенан кредо а хилира цунах 1990-гIа шераш кхаччалц

[14] Карлотта Галл а, Томас де Валл а историкаша билгал ма даккхара къам махках даккхаран зеделлачо мелхо а къоман барт чIагIбира. Арахь даьккхинчу цу кхойтта шаро шайн къоман ламасташна тIера хилийтира нохчий.

Махках даьккхиначу бIе эзар адамна йукъахь дара Жовхар цIе йолу бер. Иза винера 1944-чу шеран чилланан беттан 15-чохь, нохчийн къам махках даккха исс де хьалха.

Иза даьхнийн лоьран Дудаев Мусайн а, цуьнан шолгIачу зудчун РабиIатан а кхойтталгIа бер дара. Цуьнан бералла чолхе дара. Иза жима воллушшехь кхетара шен къоман цхьаьна а хIуманна тIехь нехан санна бакъо йоций.

Боккха доьзал а буьтуш да велча, цуьнан нанна бакъо йелира Казахстанан къилбера Шымкент олучу гIала дIайаха. Цигахь шийла а йацара, белхалой а оьшура. Шен да санна дешарна тIера волчу Жовхара, кхиамца чекхйаьккхира йуьхьанцара школа.

[15] Цу шерашкахь шовзткъе итт эзар берана юкъахь ялхийтта эзар беран бен деша аьтто ца хилар тидаме эцча, Жовхаран дика аьтто баьлла ала мегар ду.

Лаккхара дешарах чекхвала шен аьтто хир боций хаьара Жовхарна, цундела цо шен ницкъ кхочург дора доьзална гIо дан, ца къехкара мел хала болчу а балхах, жимма а шен ненан дахар аттача даккха.

Къаьсттина цу чолхечу муьрехь кхечира цунна Сталин велла аьлла кхаъ. Иза дара 1953-чу шеран бекарг беттан 5-чохь. Нохчий махкаха баьхна исс шо кхаьчнера.

Советски Союзан керла баьчча Хрущев Никитас дIадолийра Сталинан политически ражан аьчка хIоз бастар. Исторехь цуьнан политикин мур «Оттепель» олуш бевза.

Коьрта гIулч йара Сталинан тешаме накъосташ новкъара дIабахар. Уггаре а хьалха и болх къизачу Берийана тIера дIаболийра. Масех баттахь кхел а йина, ткъа цул тIаьхьа нохчашна хаза кхаъ боккхуш, тоьпаш туьйхира цунна.

ШолгIа гIулч йара Iазапхочо хьийзина болу пачхьалкхан мостагIашна тIера бехк дIабаккхар.

Оцу кепара, 1954-чу шарахь дуьйна «спецпоселенец» аьлла цIе йалхийтта шарера мел волчу нохчочунна тIера дIайаьккхинера. ХIетахь дуьйна церан аьтто белира, пачхьалкхехула маьрша дIасалела.

1955-чу шеран хьаьттан баттахь дуьйна и маршо еллера тIеман совгIаташ дина болчу хьехархошна а, оьрсишкахь марехь болчу зударшна а, иштта заьIапхошна а.

Кхин мел болчарна хьалха хилла дозанаш диссинера, амма таIзар ткъа шарера пхеа шаре лахдинера. Бехке хиларан кхелан терахь а гIехь лахделлера: 1949-чу шарахь хиллачу бархI эзарна тIера 1954-чу шарахь ткъе пхиъ эзаре даьллера.

Эххар а, 1956-чу шеран мангалан беттан 16-чохь гуттаренна а чекхйелира Ардахаран къиза а, йеха а буьйса.

Лаккхарчу Советан омранца нохчий Даймахка цIа берза хилла бехкам дIабаьккхинера. ТIедогIучу шеран кхолламан беттан 9-чохь йухаметтахIоттийнера Нохч-ГIалгIайн АССР. Цунах шен хьалха хилла кIошташ дIа а тоьхнера, Къилбаседа ХIирийн Республикин дозанехь йолу Пригородни а, иштта Дагестанан дозанехь йолу Ауховски кIошташ а йиссалц. Билгалдаккха даха деза Iовхойн мохк (Ауховски кIошт) Сталина нохчий махкаха а бахале Дагестанна дIайеллера. И хаттар хIинца а къастийна а дац, дукха хьолахь цунах шина къомана йукъара барт бохаран бахьана а хуьлу.

Советски Правительствос, нохчий хи санна цIа эха буьйлалахь, хало хир дуй хууш, цхьацца бехкамаш бовзийтира. Уьш бахьана долуш, цIа оьхучеран терахь лагIдаларе сатуьйсуш, амма нохчаша а, гIалгIайша а кхин хIумма а тергал ца дора, церан дагахь Даймохк бен хIумма а дацара, цундела 1957-чу шарахь уггаре а кIезиг шовзткъе итт эзар сов стаг цIа веара.

1958-чу шарна юкъахь цIа баьхкира дукхох болу вайнах. 340 эзар махках ваьккхина хилла нохчо а, гIалгIа а цу шарахь цIахь вара, амма церан болх бацара, уьш дешна бацара, тIедогIуш цхьаьна а кепара рицкъа дацара, амма хIете а 1959-чу шеран йуьххьехь 83% нохчий а, 72% гIалгIа а шайн дай баьхначу латтанашка юхабирзинера.

БIаьстенца дистина догIу ламанан хиш санна, нохчий а, гIалгIай а чухецабаларна меттигера Iедал доьхнера. Цунна ца моьттура иза ишта хир ду, цундела цара Москва кехат йаздира шайна гIо доьхуш

[16] 1958-чу шарахь Хрущевс тIера бехкамаш дIабаьхна доллушшехь, нохчийн пхоьалгIачу декъан бен аьтто ца белира хIусам хила. Кхин берш цхьаьна ханна дIатарбинера промышленни хьукматашкахь а, йоьхначу лаппаг1анашкахь а, ширачу фермийн херцаршкахь а, ламчохь а. Мокъазаллин тIегIанехь а хьал дукха хенахь чолхе лаьттира: дешна ца хилар бахьана долуш, дукхох болчу нохчийн аьтто бацара мехкдаьттанан заводашкахь болх каро, ткъа оьрсий царех тешаш ца хиларо и хьал кхин а талхош дара.

1959-чу шарахь оьрсийн 8696 корматаллин хаарш долчу белхалошца дустича, цара беш болу болх беш 177 нохчо бен вацара.

Даймахка цIа дерзар къахьдира нохчашна а, гIалгIайшна а. Мацах дуьйна шаьш баьхначу махкахь, шайн долахь хиллачу хIусамашкахь хьеший хилира уьш, социальни бIевнехь, уггаре а лахара тарх дIа а лоцуш. Ткъа цуьнан лакхенехь-м оьрсий бара, и бакъо царна Сталина йеллера, нохчийн латтанашца а, нохчийн цIеношца а цхьаьна.

Цу хьоло гуш лаьтташшехь йуха а барт бохош бара нохчашна а, оьрсийшна а йукъахь, хIунда аьлча оьрсийн йерриге а монополи йара экономикехь а, промышленностехь а, мехкдаьттан гIуллакхехь а, ткъа нохчий са кхаччолц йуьртабахаман аренашкахь къа хьоьгуш бара, иза а доккха беркат а хеташ, хIунда аьлча дукха адам банне а болх боцуш диссинера, церан аьхкенан хаа белхаш дан дезара, ткъа царех а догIу алапа а дацара луш, йа церан гIо даккха стаг а вацара.

[17] Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а экономически          хьолах лаьцна кIоргера хаьа лууш волчу йешархочун аьтто бу «Къинхьегамхойн юьртбахаман экономика» цIе йолу блог www.ichkeria.net сайта тIехь еша.

Цул совнаха, нохчий меттигера бахархоша хьийзош бара. Нохчийчоьнан бакъ болу дай Сибрех дIабигча, и мохк шайн долахь хеттачу царна хала дара хIинца нохчий лан.

Нохчийн-м шаьш баьхначу хIусамашка чубаха а йиш йацара, йа маьрша шайн лаьттахь дIасалела а йиш йацара, йа шайн маттахь къамел дан а йиш йацара. ХIинца а дийна бу йукъараллин транспортехь нохчийн маттахь вистхилча, оьрсиша – ма бийца и жIаьлен мотт – олуш йуьхь йагош, човхийна хилларш.

Махках дахаран чов хIинца а йерзанза долу нохчийн къам йуха а зуьйш дара замано. Ма ца моьттура царна кхойтта шарахь шаьш сатийсиначу Даймахке цIа кхачарах шайна сел къиза бала хир буй.

Дукха хан ца эшнера шина къомана юкъара дов цIий Iанаре дерза. 1958-чу шеран хьаьттан беттан 23-чохь гIалгIачо дов даьллачохь оьрсий вийнера.

Цу жимачу суйнах марсайелира нохчашна дуьхьал айбинчу гIаттаман йоккха алу.

Нохчий йуха а махкаха баха бохуш адам гIаьттинера, юкъааллин гIишлойх цIе туьйссуш, нохчий бойуш. И зулам эскаран гIоьнца бен саца аьтто ца белира.

Центральни Правительствос машаран а бертан а политика йу ша дIахьош олура, амма ма-дарра гуш долу сурт ишта дацара – шеко йоцуш, нохчйн къоман шен лаьтта тIехь маьрша даха бакъо йацара.

Цера-м Соьлжа-ГIалахь даха ховша а аьтто бацара, ткъа массо а белхан меттиг кхечу къомах наха дIалаьцнера. Даймахка цIа вирзинчу нохчочун дахарах дийнна цхьа къиссам хиллера.

Лаккхарчу классийн дешархойн буьззинчу барамехь дешаран шо чекхдаккха аьтто бацара, хIунда аьлча хIора бIаьста уьш дай-наношца Казахстане шабашке эха дезаш бара, рицкъа дакка, ткъа къахьегаро гIелбина уьш гурахь бен цIа ца богIура. Ткъа шайн Даймахкара химически а, мехкдаьттан а йаьккхийчу заводашка нохчашна некъ бихкина бара уггаре а боьха болх бан а.

Москвас-м ахчанца кхачо йора ишколаш а, кхин йолу хьукматаш а республикехь йан, амма Нохчийчоьнан лаьттан кийрара дIа мел узучу сурсатащца иза дустича, цара луш долу ахча хIордала кхетта догIанан тIадаммал бен дацара. Советан Iедал цIубдар санна тIелеттера нохчийн латтана. Шерашца ца Iебаш, схьаузура цо цуьнан массо а сурсат. Ткъа ала деза, и цIубдар хIинца а дуьзна а дац, шенна ша мелдиънарг – шена марах охьлитта хан кхаьчнашшехь…

Советски Нохчийчоь

1960-чу а, 1970-чу а шерашкахь дахаран кхачалла хьалха ца хиллачу кепехь лаккхайаьллера. Нохчийчоьнах Россин Къилбан промышленни центр хиллера.

1969-чу шарахь кхузахь шекар а, шуранан сурсаташ а, консерваш а, цемент а, электроэнерги а йоккху 49 йоккха завод йара. Амма экономикин коьрта дакъа дIалоцуш мехкдаьтта дара. Нохчийчоьна СССР-ана хIора шарахь 21, 23 миллион тонн мехкдаьтта дара доккхуш. Ткъа иза Iедало бечу хаамашца долу терахь бен дац, ма-дарра дерг леррина лахдинера. Мекхдаьтта долчу метигашна уллохь кхоллайелира промышленность. 1910-чу шарахь кхоьллина хиллачу керосинан заводашна хIинца кхин а кхоъ тIекхеттера.

1939-чу шарахь шен болх дIаболийнера «Шерипов» цIе йолчу мехкдаьтта даккхаран промышленни дуьххьара схьайиллинчу завода, ткъа цунна тIаьхье схьайиллира «Ленин» (1958) завод а, «Анисимов» (I959) завод а.

Мехкдаьттанан и йоккха кхо завод схьайелларо аьтто белира нохчашна шайн мехкдаьтта кечдарал совнаха, СССР-ан регионашкара догIуш долчунца болх бан а.

Нохчийчуьра заводийн аьтто бара шарахь 24 миллион гергга мехкдаьтта кечдан. Кхин йолчу регионашкара мехкдаьтта а Нохчийчохь кечдо бохург бакъ дацара, цу эладиттано кхиамца къайладора Нохчийчоьхь доккхучу мехкдаьттанан бакъ долу терахь. Нохчийчу кхин йолчу регионашкара мехкдаьтта сехьа дакхха дехкина некъашкахула ма-дарра аьлча Нохчийчуьра мехкдаьтта а, цунах дина сурсаташ а дара Центральни Росси дIакхачош.

 

Советски Союзан цхьа кема дацара стигла айлуш нохчийн мехкдаьттанах кечдина авиационни даьтта ца хилча, хIунда аьлча кхин йолчу регионашкара мехкдаьттанах деш долу даьттанаш ишта лаккхара кхачалла йолуш дацара.

1939-чу шарахь Соьлжа-ГIалин мехкдаьттанан заводехь дIахIоттийна хиллачу даьтта даккхаран гIирсах Сталина ворхI тонн цIена деши деллера. Цу гIирсо шен болх Советан Iедал доххалц шина сахьтана а сацийна бацара.

Нагахь санна ларамза а, цуьнан болх галбаьллехь, Советски Союзан мехкдаьттан промышленностан министр масех сахьт далале Соьлжа-ГIала кхочура, хIунда аьлча цу гIирсан болх сацар СССР-н барамехь чолхе бохам ларалуш бара.

Цу гIирсах пайда а оьцуш, нохчийн мехкдаьттанах доккхуш хилла и авиационни даьттанаш массо а союзни республикашка дIакхачош а дара, иштта Варшавски бартан а, кхин болчу а мехкашка духкуш а дара.

Соьлжа-ГIалин мехкдаьттанах доккхуш долу парафин уггаре а цIена сурсат лоруш дара, цундела иза килсан чIурамаш дан Ватикане дIакхачош дара. Мехкдаьттанан ниIматах Соьлжа-ГIала йуьзначу хенахь, нохчий-м геначу Сибрех, хьацарца а, цIийца бепиган цостар эца рицкъа доккхуш бара. СССР йоьхначул тIаьхьа, Нохч-ГIалгIайн хьаьрмахь хилла Советан Эскар ша арадолуш, диц ца делира даьтта доккхуш хилла гIирс эккхийта. Къаьсттина билгалдаккха деза, и гIирс лаьтташ хиллачу мехкдаьттанан хьаьрма ког баккха йиш йацара цхьаьна а нохчочун а, гIалгIачун а. Вай хьалха билгал ма даккхара, царех цхьа а цигахь кертара нехаш дIайаха а балха оьцуш а вацара.

ХIинцалц жима хилла Соьлжа-ГIала, шо шаре мел долу шорлуш йара. 1939-чу шарахь 172 000 хилла бахархойн терахь 1979-чу шаре 340 000 эзаре хьаладаьллера, ткъа йуха а нохчий цу бахархошна йукъахь уггаре а кIезиг бара.

Корматаллин хаарш долу белхан ницкъаш тIеберзо а, нохчашна а, оьрсийшна а йукъара интеграци ларъйан а Iалашонца центральни правительствос ахчанца кхачо йира ишколийн а, колледжийн а гIишлош йан, цундела 1960-чу шарахь республикин аьтто белира дешаран тIегIа айда.

[18] 1969-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчохь 228 000 дешархо волуш 569 юккъера ишкол а яра, иштта 289 лерина ишкол а яра 15 000 меттигана, шиъ университет а яра, ткъа царех цхьаъ мехкдаьттан промышленностан говзанчаш кхиош йолу Соьлжа-ГIалин мехкдаьттан институт яра.

.

Культурни дахар а дара промышленни долчуьнца цхьаьнаэшшара кхиам болуш доьдуш: 1970-чу шарахь кхузахь 484 библиотека а, 400 оьздангаллин кхерч а, 300 кинотеатр а, кхоъ корматаллин театральни училище а, исбаьхьаллин шиъ ишкол а, мукъамийн ишкол а йара. Зорбане долучу деа газета а, шина литературни журнала а хIора дийнахь арахоьцура миллион гергга экземпляр, ткъа меттигера телестанцис хIора дийнахь бахархошна керланаш довзуьйтура. Нохчийн хьал хIетахь мелла а хьалха хиллачуьнца дустича дикачу агIор хийцаделла хеталуш дара. Церан аьтто бара политически дахарехь а, пачхьалкхан куьйгаллехь а дакъа лаца.

1970-чу шерашкахь меттигера советашкахь 50% депутат а, иштта 19% куьйгалхо вайнехах вара.

Йуьхьанцара ойла йича, иза башха доккха терахь дацара, амма итт шо хьалха и гайтам 2% а ца кхочура.

1973-чу шарахь дуьххьара оьрсий ца хаьржира Лаккхарчу Советан куьйгалле.

[19] Иза вара 1973-чу шеран хьаьттан беттан 28-чохь хаьржина волу гIалгIа Боков Хьажбикар. Иза оцу даржехь вара 1990-г1а шо кхаччалц. Цуьнан метта нохчо Завгаев Дока хIоттийнера.

Хеталора, Нохчийчуьра къаьмнаш машаре кхаьчна. Амма цу социальни синтеман хьал башха тешам болуш дацара, хIунда аьлча нохчашна хIинца а диц ца деллера шаьш махкаха дахар. Иза хуучу Советан Iедала йуха а шен мекаралла гайтира. Цунна лиира нохчийн-оьрсийн тIаьхьарчу бIешеран истори орамца хийца.

Нохчийн истори йухайазйаран мукъ карабеллера профессорна Виноградов Виталийна. Цо кхоьллира «Нохчийчоь шен лаамехь СССР-ана йукъайахар» цIе йолу харц исторически болх.

Виноградовс дийцарехь, Россис шен син-оьздангаллин кхачалла лекха хиларца ломара акха къаьмнашна цивилизаци йовзийтинера.

И ойла вуно тамашийна йара, хIунда аьлча дерриге а маьлхаг дуьне теш дара кавказхоша бIешерашца латтийначу къиссаман. Цул совнаха, Росси коча ца йеънехь, уьш шайн пачхьалкха а йолуш маьрша бехаш бара. Цундела профессорас дуьйцучох нохчийн Iилманчаш тешо КГБ-н гIо ийшира. Иза гIоьнна йеъча, нохчийн Iилманчаш а цу харцонах ца бевлла тешнера.

Цуьнан харц йозанаша дуьйцура йа Кавказан тIом а ца хилла, йа ламанхоша шайн маршо а ца къиссина. ХIетахь хилларг иза Дагестанан а, Нохчийчоьнан а, Чергизойн а акха ламанхоша деш долу къолаанаш сацо гIерташ, царна цивилизацин баххаш довзо гIерташ Россис къахьегар ду.

И харцо йешча кхета мегар ду Виноградовна хьалха нохчийн истори бехйан, цуьнан сийлаллин зIаьнарш гуттаренна а йайа хIоттийна билггал Iалашо хиллий. Советски Союза хIетахь барам боцуш къа хьоьгура ламанхой тешо ша гIерташ шаьш царна цивилизаци а, культура а йеана бохучу ойланах. Амма ламанхоша цу «цивилизацих» муха махбелла а вайна хууш ду.

Политически раж хийцайелла йоллушшехь, цу пачхьалкхан нохчашца болу имперски хьежамаш кхин хийца ца белира. Советан Iедалан сацам хилира нохчийн йукъаралла социальни уггаре а лахарчу тIегIане йаьккха, цуьнан къоман кхетам, Iадат, ламаст хIаллак дина дIадаккха, тIекхуьу чкъор тешо шен къам бух болуш ца хиларах, ткъа Iедална муьтIахь хилчхьана кхин дахарехь Iалашо йоцучу Виноградовс хIуммаъ хало ца йеш йаздора шен харц жайнаш.

Ша сийлахь воккха историк а, кавказовед а хеташ волу Виноградов ма-дарра аьлча, Iедало ловзош йолу тайниг йара, ткъа цуьнан йозанаш хIинца вайна ма-хаъара доь доцуш дайна, ткъа Кавказан историн а, Iаламан а, син-оьздангаллин а сийлалла дуьненнна а йевзаш йу.

Виноградов Iедало ловзош вара. Цунна хьалха хIоттийна коьрта Iалашо йара колхозехь болх бан бен кхин карах дер доцу, Iилманна тIера воцучу акха нохчочун васт кхоллар.

Ткъа Iедалан культурин ирхенашка кхача нохчо йа Делах, динах ваьлла хила везара йа, оьрсий зуда йигна хила везара. Йоккха программа йара чухецна нохчийн кхиамаш къайлабаха Iалашонца. Ткъа иза кхочуш йар долийнера 30-чу шерашкахь дуьйна. Къаьсттина хIетахь кога хIотта ца йуьтуш, лестош йара нохчийн интеллигенци. Цуьнан къеггина масала ду Нохч-ГIалгIайчоьнан йаздархойн Союзан болх. Союзан шийтта декъашхочунна юкъара иссанна хан тоьхнера, ворхI Сибрех хьажийнера, виъ тоьпаш тоьхна вийнера. Нохчийн культурин а, Iилманан а гучудаьлла мел жима зIийдиг а Iедалан къизачу херхо дIахьокхуш дара.

Ткъа Соьлжа-ГIала-м Советски Союзан гIала санна хаза кхууьш йара, и йоккха пачхьалкха шен сурсаташца йузор цо цхьаьна денна сацийна а дацара.

Нохчийн хIаллак йиначу интелллигенцин кхин цхьа тоьшалла ду – Цебиев Ахьмад – нохчийн Iилманан дIабайна малх, дуьненахь а вевзаш хилла физик.

Цуьнан цIе къиза къолам хьаькхна йайинера Советан Iедало, ткъа цо мел бина Iилманан болх, цуьнан мел хилла кхиам цуьнан накъосташна дIабеллера. «Явление генерации СВЧ – колебаний полупроводниковым диодом с одним p-n—переходом» – цу Iилманан хиламах хIинца а жигара пайда оьцу зIенийн гIирсаш кхолларехь а, вайна массарна а йевзаш йолу мобильни телефонаш йарехь а.

Карарчу хенахь, нохчашна шайна а ца хаьа шен йист йоцучу аьттонашца вай цец дийхина ца йолу мобильни телефон кхолларехь шайн махкахочун Цебиев Ахьмадан хааршах пайда эцна хиллий.

Ткъа Iамаьркара а, Японера а, кхин болчу мехкашкара а тоьллачу электронни фирмаша цу Iилманан хиламан буха тIехь хIинца а керланиг гучудоккху зIенан гIирсаш кхолларехь а, царех пайда эцарехь а.

Цебиевс кхоъ Iилманан керла хилам гучубаьккхина, радиоэлектроникин а, шуьйрачу радио зIенан а декъехь ткъе йалх говзар йина, иштта диллина а, къевлина а зорбане баьлла цуьнан шовзткъе итт Iилманан болх.

Амма цуьнан сел боккха а, къеггина а болу и кхиам йукъара хилира, ткъа Ленинан лаккхара совгIат цо болх биначу лабораторехь массарна а кхечира, Цебиев виссалц.

Иштта дара Советски Нохчийчуьра культурни-исторически хьал.

Нагахь санна, экономикин кхиар цу боларехь диссинехь, коммунисташа йуьйцуш йолу социальни архитектурас цхьа хийцамаш хилийта а мегар.

ХIетахь Советски Союз эскарца а, космосехь болчу кхиамашца а Вовшахтоьхначу Iамаьркан штаташца къиссалуш йара. И къовсам бахьана долуш экономика а тишлуш лаьттара.

Советски Союза инзаре дукха ахча дара дойуш шен эскарна, ткъа политически аппарат лелорна а йоккха харж йезара.

Социализмана йеш йолчу пропагандас кIезиг пайда бохьура: центральни правительствос бахархошна кховдош долу хьашташ цIиндар хIинца а кIезиг дара.

Бюрократис ницкъ бина йолу экономикин машена сецош йара инвестициш а, ткъа оьрсийн а, оьрсий боцучеран а йукъаметтигаш а меллаша йуха а йухуш йара.

Экономически а, политически ирхенашкара керла йукхадовларан хьокъехь къаьсттина чIогIа нохчаша шайн дагара хаийтира динан ламасташка берзарца: 1970-чу шерашкахь республикехь жигара болх бан буьйлабелира къаной. Цара къа хьоьгура шайн къоман исторически а, культурни баххаш лардарна тIехь. Цара беш болу болх бахьана долуш, церан дийна иэс хиларна аьтто белира нохчийн къоман син-оьздангалла а, кхетам а ларба.

Кегирхой буьззинчу барамехь цара бохучунна тIаьхьа хIиттина бара, уьш шайн ма-хуьллу юьстах бовла гIертара нохчийн къоман мехалашна хийра долчунна. Цу хьокъехь къаноша йоккха меттиг дIалоцура нохчийн къоман дахарехь.

Бусулба дино а, махках дахарах болчу дагалецамаша а, нохчийн этнически кхетамо а халкъан ламасташ йухаметтахIотторехь керла гIулч йаккха аьтто бира. 1980-чу шерашкахь нохчий шайн культуре бирзира.

Шен агIор коммунистически куьйгалла цунна дуьхьало йан гIертара: СССР-ан издательски отдела ца магийнера махках дахар аьлла муьлхха а дош хьахо, амма цуьнан чов и ирча сурт гиначеран дегнашкахь хIинца а Iийжара, ткъа тIекхуьучу чкъурана бакъ дерг хаьа лаьара [20] ГIалгIайн маьрша боламан баьччас Кодзоев Iийсас шен политически хьежамашах лаьцна ишта дийцира: «Иза дуьххьара доладеллера тхо хьехархойн институтан студенташ долчу хенахь. Тхо махках даьхна нах дара, тхуна цунах лаьцна ша дерриге а хаьа а лаьара. 1944-чу шарахь сан доьзалехь цхьайтта стаг вара. Со уьш массо а цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа дIа а воьллина, суо цхьалха цIа вахара.

къийла а ца луш, цунах лаьцна дийца а лаьара. [21] 1962-чу шарахь со дуьххьара лаьцначу хенахь, ас кхелахочуьнга элира, аш суна йеш йолчу кхело со декхарийлахь во со велла дIаваллалц Советан Iедалца къиссам латто.

Перестройка

Система хийцалур йу бохучун хьокъехь Москван геронтократически куьйгаллера цхьа а вист хуьлуш вацара.

Хрущев даржехь хийцина волчу КПСС-ан къена баьчча Брежнев Леонид башха кхеташ волчух тера дацара кхолладеллачу хьал чолхе хиларах. Оцу кепара, стагнацис а, пачхьалкхан декхаро а кIелбитина болу мохк массо а тIегIанехь кIоршаме хилира, ткъа куьйгаллехь болчарна хIинца дукха хьолахь шаьш бен дагахь хIумма а дацара.

Къаьсттина, Москван правительствон аьтто ца белира капитализмаца къовсалур йолчу кепехь мехкан экономика латто.

Аьргалла йолчу товарашна, къаьсттина углеводородошна долчу мехийн керчаро а, дика а, вуо а йуртабахаман шерийн хийцадаларо а экономика кхиссайала йолайалийтира.

Правительствос луш долу жоп цхьаъ дара: мехаш охьадаха декхара хьарчо деза.

Иштта а замано зийна йолчу пачхьалкхан финансийн система гIелъеллера СССР Iамаьркан кхиамашна тIаьхьакхачо гIерташ.

1979-чу шарахь Советски Союз Афганистане тIамца чуйахара. ЦIечу Эскаран цIе а, Советски Союзан сийлалла а зуьйш боккъалла а боккха тIом хилира цунах.

Къаьсттина Афганистанехь карор ву вайна «Ардахар» олучу исторически агIонан кIант. Нохчийн къам махкаха даккхале масех де хьалха вина волу Дудаев Жовхар 1957-чу шарахь шен ненаца а, вежаршца Даймахка цIа веара.

Сарахь деша а доьшуш, дийнахь электрикан болх бора цо, жимма а шен доьзална гIо хилийта. 1962-чу шарахь цуьнан аьтто болу Тамбов гIалара тIеман хIаваан училище деша хIотта. Дешарна тIера а, ша хьекъал долуш а хилар бахьана долуш, цуьнан аьтто белира Калужски областера Сяковка олучу тIеман-хIаваан базера 54-чу йезачу бомбардировочни полкана йукъаваха.

1968-чу шарахь иза Коммунистически парти йукъа вахара. И харжам цо тIеман гIуллакхан лаккхарчу тIегIане вала Iалашонца а ца дира, Дудаев боккъалла а тешара «реформировать» йиначу социализма къаьмнашна йукъара дов дIадоккхур хиларах.

1970-чу шарахь иза Белая олучу базера 1225-чу йезачу бомбардировочни полке дехьаваьккхира.

Цхьа шо далале, цуьнан аьтто белира Гагарин Юрийн цIарах йолчу ТIеман-хIаваан академин эпсараллин кадетствон академи деша хIотта.

Дешна ваьллачул тIаьхьа иза Белая базе йухавеара, цигахь йалх шо даьлча цунна командиран гIовсан цIе йелира, ткъа цул тIаьхьа штабан куьйгалхо хIоттийра, йуха полкан командир а. Дудаев дуьххьара нохчо вара Советан Iедалан лаккхарчу тIегIане вала аьтто хилла волу.

 

Советски Союза Афганистанехь тIом болийначу хенахь, Дудаев 185-чу йезачу бомабардировочни полкан куьйгаллехь вара.

[22] Дукха нохчий Iадийнера атеистически я, цул гIоле ортодоксальни ларалуш йолчу Советски Союза шаьш санна бусулба болчу Афганистанера гIаттамхошна тIе герз детта долийча. Советски Союза лелош дерг харцо юй гуш дара царна, ткъа муджахIидаша латтош болу къиссам Имам Шемала бначу тIамах тера хетар.

Амма Дудаев ишта ойла йолуш волчух тера дацара. Нагахь санна иза бакъ делахь, цо гIаттмхойн ши юрт дIашарйинера бохуш дуьйцу. Амма Россин оборонин министра Грачев Павла дийцина долу иза, бакъ ца хила а тарло, хIунда аьлча къаьсттина и хаам бовзийтинера Хьалхара нохчийн тIом болалучу хенахь. И хаттар кIоргера довза лууш волчу ешархочун аьтто хир бу www.ichkeria.net сайта тIехь «Дудаев Афганистанехь: бакъ а, харц а хаамаш» цIе йолу таллам беша.

Цигахь ша куьйгалла дечу секторехь авиационни подразделениш нийса йухайахарехь тIеман хаарш а, говзалла а гайтарна цунна грамота а йелира, ишта Тарту гIалина йистехь йолчу йадерни бомбардировщикийн хIаваан базанан куьйгалле а хIоттийра.

Ткъа цу хенахь, Советски Союзан куьйгалхочун дарж дитира Брежвневс. Цуьнан метта веара реформатор Андропов Юрий. Йалхийтта бутт цо цу даржехь боккхуш, малхбузера дуьненца йолу йукъаметтиг йуха а даръеллера, ткъа советски машен цIинъйан гIерташ цо къахьегар гIийла дара: тIеман харж алсам йолуш йара, ткъа и бахьана долуш СССР йоха гергга йаханера.

Коррупцис дIалецира пачхьалкха, ткъа къечу нахана йукъахь малар даьржинера. Андроповна тIахьа, дарже хIоьттира Черненко Константин. Цо куьйгаллехь йаьккхина хан кхин а йоца а, йеса а йара ала мегар ду: ша даржехь баьккхинчу кхойтта баттана юкъахь ханна воккхачу баьччас динарг хIумма а дацара Iамаьркаца йолу йукъаметтиг кхин а чIогIа талххор бен – цо омра дира 1984-чу шеран Олимпийски ловзарш бойкотировать дан, ткъа оцу кепара Советски Союз дуьненна кхин а чIогIа йуьстах йелира.

Черненко валар а ца гуш диссира йукъараллина, хIунда аьлча хIетахь политикин майданехь гучуделира керла, шатайпа васт – 54 шо кхаьчна волу Горбачев Михаил. Цуьнан цIе сиха лепа йолайелира газеташкахь.

И керла баьчча хьалха хиллачарел чIогIа къаьсташ вара. Уггаре а коьртаниг дара иза къона хилар, хIунда аьлча и санна болчу политически кхиамна 54 шо дукха дацара.

Цуьнан коьрта герз дара – шатайпа амал, адамах дог лазар, реформитстки кхетам. Цу дерригенан а гIоьнца аьтто белира цуьнан гуламо цхьа барт хилла шен кхаж дIалуш, КПСС-ан Генеральни секретарь хIотта.

Цуьнан ойла нийса йара: гуш дара шийлачу тIамо коммунизмана массо а агIор эшам бохьуш хилар а, иза лаппалг санна эккха гергга йахана хилар а. Горбачевс бохучух кхета хала дацара: Советски Союз шен кхиарехь Малхбузел тIаьхьа йиссинера, цунна тIаьхьа кхочур йолуш а йацара ша хьал долуш а, дуьненан йукъараллехь цIе йоккхуш а ца хилахь.

Цо хIоттийна Iалашо кIоргера бух болуш а, тIаьхьало йолуш а йара. Горбачевс дийцарехь карарчу хенахь болу политически раж ларбийр болу экономически кхиам баккха масех биллам кхочуш бан беза: уггаре а хьалха шийла тIом чекхбаккха беза. Нагахь санна СССР тIеман аренашкахь шен ВВП йойуш ца хилахь, керла гIулч йаккха аьтто хир бара. Ткъа цу кхиаме кхача, уггаре а хьалха Малхбузеца барт бан беза. Амма цу барт баран къамел йуха а дIадоло Малхбузен лаам хилийта СССР цунах жимма а тера хила йеза. Оцу кепара, Горбачевс сатуьйсучу ирсечу хиламийн зIе тасса, уггаре а хьалха оьшуш дара керла политичеки дахарна ницкъ лур болу «адаман йуьхь йолу социализм» кхочуш йар.

Герзана дойуш долу ахча, жимма кхоош хилча, цуьнах рыночни социализман бух тIехь экономика кхолла мегар дара: долахь бахам йухаметтахIотторан а, либерализацин а йоккхачу Iалашано гIо дийр дара сурсаташ арахецар алсам даккха а, йохкар-эцархойн тоба кхолла а. Цу хийцамийн ирхе хир йара СССР-ах суверенни а, маьрша а республикех лаьтташ йолу керла политически кхоллар йича.

Проект доккха маьIна долуш йара. Шен дахар нийсачу хорше дерзийта советски халкъо хийцамаш хьашт хиларах кхеташ, центральни правительствона хан йала йезара Перестройкан хIора а тIегIанах тIедогIучун меженах санна пайда эцийта.

Уггаре а хьалха кхочуш дан дезаш долчу цу гIуллакхан социальни-экономически амал йара: Горбачевс Iаламат доккха дакъа диллина Малхбузера кху заманан промышленни технологех пайда эца, амма инновацех пайда бацара конкуренцина ницкъ ца хилча.

Ала деза сурсаташ цIиндар дан а дара эвсаралла йоцуш. И инвестициш бахьана долуш, советски правительствон дуьнен йукъара декхарийла йаха дийзира. Хиллачу харжа бюджетан дозанера ара а йаьлла и Iаламат даккхий декхарш дIатакха аьтто боцу пачхьалкхан казна йохийнера.

Чоьхьарчу экономикера арадевлла миллиардаш соьмаш бахархошна хьалхарчу хьаштийн хIуманаш а, йалта а эцарна дIахьажийнера.

Цу гIуллакхо ахчанан рынкехь де дийне мел долу сом гIелдеш йолчу лаккхара инфляцига далийра дерриге а.

Экономически бохамах кIелхьарайала гIертачу СССР-а кхин а алсам ахча дойура. Цхьаьна а инвестицийн гIуллакх хир дацара Iаламат доккха эскар а, оьгIазе партийни бюрократи а лело Союзан экономикина аьтто бан.

Амма керлачу баьччан ницкъ ца тоьира Iедалан структура йохо, цул совнаха, иза хIинца а кийча вацара советски раж хийца: планови экономика а, цхьаьна партиян система а.

Цу дерригенан а жамI хилира цуьнан экономически Iалашона капиталистически системан кхачамбацарш, хуьлуш пайда а боцуш, кхин а чIогIа кIаргдинера: пхеа шарна йукъахь ликвидни сурсатех йаьллачу правительствон аьтто бацара хIинца керла некъаш леха.

Москва хIетахь шена хуьлуш болу тIеIаткъам бахьана долуш, сурсаташ арахецарехь йаккхийчу кризисашна тIенислора,

[23] СССР йоьхча 1991-чу шеран г1уранан баттахь ВВП 1980-г1а шарахьчул 17% лахара дара, ткъа инфляци 14% лаккхара.

амма тIебогIучу хиламашна уггаре а чIогIа юкъагIортар дукха хьолахь тIехьажийна дара историкаша Дешан Маршо (Гласность) цIе йеллачу йукъараллин демократизацина.

И гIуллакхаш дукха хьолахь тIехьажийна дара политически бахьана долуш набахти чохь хан токхурш мокъа бахарна а, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь майрра хьайн ойла йовзийта маьрша хиларна а, Малхбузе даха адамна бакъо йаларна а, коммунистически йоцу вовшакхетарш къобалйарна а.

Зорбанна тIехь латтош хилла болу тергам лагIбеллера: хьалха ала а йазда а мегаш ца хилларг хIинца дIакхайкхош дара.

И хийцамаш хилла масех шо далале Россехь а, иштта Советски блокан кхин болчу мехкашкахь а политически дебаташ йуьйлайелира.